Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Есфирь
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
Хьуна хьалха ларамах ца вуьзна мила хир ву, ва къаьмнийн Паччахь? Хьоьга и ларам хила догІуш ма ду! Къаьмнийн массо а хьекъалчашна юкъахь я церан массо а паччахьашна юкъахь Хьоьца нислур волуш цхьа а вац! И хезча, чуьравелира паччахь, чІогІа оьгІазвахара иза. ТІаккха цо омра дира, бавелхойн берриге а хьекъале нах хІаллакбе аьлла. Хьекъале нах хІаллакбе аьлла, и омра дича, Даниал а, цуьнан накъостий а лийхира, уьш хІаллакбархьама. ТІаккха Набухди-Нецара, ша луьра дарвеллачохь, тІедожийра Шадрак, Мешак, Іабди-Нага а шена тІевалор. И нах паччахьна тІебалийра. ЧІогІа мохь туьйхира паччахьо, бозбунчаш а, седа-жайна хьовсурш а, палтуьйсурш а схьабалабе аьлла. Уьш чубалийча, паччахьо Бавел-мехкан хьекъалалла долчаьрга элира: «ХІара йоза деша а дешна, цуьнан маьІна соьга дийцинчунна паччахьниг санна долу цІен духар а лур ду, цуьнан коча дешин зІе а уллур ю. Пачхьалкхехь даржехь кхоалгІаниг лоруш олахо а вийр ву аса цунах». Іийса ЯхІуд-махкарчу Байтлахам-гІалахь вина. Иза яра ХІарод-паччахь олаллехь волу зама. Іийса дуьнен чу ваьлла жимма хан яьлча, Ярушалайм-гІала баьхкира малхбалехьара хьекъалчаш.
Есфирь
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Выбор основного перевода