Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Есфирь
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
Хьуна-м иза а кІезиг хетта, сан Хьалдолу Эла! Ахьа Хьайн лай волчун цІийнах хиндерг а схьадийци. Адамашна лерина иштта Іедал Хьан ду техьа, сан Хьалдолу Эла? ТІаккха цу дийнахь Сулим-паччахьо деза де хІоттийра, дерриг а Исраилан халкъо даздира и де. Берриг а исраилхой гулбеллера цигахь, Хьамат цІе йолуш долчу лаьмнийн дехьадовларан меттигера дуьйна Мисар-мехкан дозанехь долу хина тІекхаччалц. Вайн Везачу Далла хьалха и де даздеш бара уьш ворхІ дийнахь, цул тІаьхьа кхин а ворхІ дийнахь цигахь Іийра уьш и де даздеш. Цара даздеш даьхна денош дерриг а дейтта де дара. ЧІогІа оьгІазвахана волу паччахь, тойнера хьала а гІаьттина, шен цІенна уллохь йолчу беша аравелира. Ткъа ХІаман Эсирате, ша кІелхьарваккха бохуш, дехарш деш чохь висира. Цунна хаьара, паччахьо шена таІзар дийр дуйла. Бешара той долчу юхавеанчу паччахьна гира Эсират агІоръяьлла Іаш йолчу меттан йисте воьжна Іуьллуш волу ХІаман. ЧІогІа оьгІазвахана волчу паччахьо мохь туьйхира: «Со чохь воллушехь, сан зудчунна тІекхетта хьо!» Цуьнгара и дош доллушехь, ялхоша ХІаманан юьхь къайлаяьккхира.
Есфирь
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Выбор основного перевода