Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Есфирь
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
Кхо де даьлча, пирІунан вина де дара. Цо той хІоттийра шена уллорчарна. Уьш гонах а болуш, пирІуно лаккха хьалаайира коьрта чагІардуттург а, коьрта бепигдоттург а. Ша самаваьлча, Сулим кхийтира, иза гІан хиллий. ТІаккха Ярушалайм-гІала юха а вирзина, Везачу Элаца бинчу бертан тІорказна хьалха а хІоьттина, шен а, халкъан а сагІа доккхучу кхерчана тІехь сагІа даьккхира Сулим-паччахьо. Уьш дара дийнаташ дагоран а, бертан а сагІанаш. ТІаккха доккха той хІоттийра паччахьо шен массо а ялхошна. Эзарнашкахь болчу шен уллорчу куьйгалхошна доккха той хІоттийнера Белшацар-паччахьо. Эзарнашкахь болчу хьешашца цхьаьна чагІар мийлира цо. Паччахьо Эсиратан сийнна доккха той хІоттийра, цига массо а элий а, баьччанаш а кхойкхуш. Массо а шен пачхьалкхан меттигашна цо цхьа деза де дІахІоттийра. Ша комаьрша паччахь хиларе терра, цо дукхахболчарна совгІаташ дахьийтира. Цкъа ХІарода ша вина де даздечу дийнахь, доккха той хІоттийра, пачхьалкхан а, тІеман а хьаькамаш а, хьалдолу нах а кхайкхина.
Есфирь
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Выбор основного перевода