Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
И чечакхаш шуна дІагича, уьш хир ю, Везачу Элан дерриге а весеташ дага а даьхкина, уьш шуьга кхочушдайтархьама а, Соьгахьара шу дІадерзош болчу шайн дегнийн а, бІаьргийн а лаамашна тІаьхьа шу ца хІиттийтархьама а. Со нийсачу некъа тІера галваьллехь, сан бІаьргаша сан дог вонна тІе дерзийнехь, сан куьйгаш хьарамчу хІумано бехдинехь, – Сайн бІаьргашна хазделларг схьаэцарна дуьхьало ца йора ас. Самукъане мел долу хІума сан даго тІеоьцура. Муьлххачу айса дечу гІуллакхах самукъадолура сан. И хазахетар суна дара, ас мел бечу халчу балхана луш долу совгІат санна. ТІаккха аса сайн дагахь элира: «Бакъволчунна а, харцволчунна а Дала Ша Шен кхел йийр ю, хІунда аьлча массо а хІуманан а, дерриге а гІуллакхийн шен-шен зама ю». Хазахетарца даа ахьа хьайн бепиг, ткъа хьайн чагІар а мала деган самукъадаларца. Ахь и гІуллакхаш дарна Дела реза ву хьуна. Амма аса сайн хьехам бо, адаме шен дахарх самукъадаккха аьлла. Стигална кІел адамна уггаре а диканиг яар-малар а, шен дахарх самукъадалар а ду. Дала шена стигална кІел деллачу дахарехь, ша бечу балха тІехь цу гІуллакхаша иза новкъа воккхур ву. ХІунда аьлча адамаша мел дечунна – къайлаха деш долу дика я вон иза делахь а – Дала Ша кхел йийр ю. Ткъа стенна бехке во ахьа хьайн динан ваша? Я стенна ца веша хьо хьайн веших? Вай массо а Далла хьалха дІахІитта ма деза, Цуьнга ваьшна кхел яйтархьама.
Выбор основного перевода