Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Даккхий ду Цуьнан гІуллакхаш, царах вай кхетар доцуш, Цуьнан тамашийна гІуллакхаш дагардина а вер вац. ХІара дерриг а Цуьнан гІуллакхийн кІеззиг долу дакъа бен дац. Шабар-шибар дечу хенахь бен вайна Цунах лаьцна ца хеза! Ткъа Цуьнан ницкъан къекъар къасто хьенан хир яра йиш?» ХІунда аьлча, Веза Эла, суна чохь мел долу хІума а Ахь кхоьллина ма ду. Ахь со, вовшах а тесна, сан ненан кийрахь кхоьллина ма ву. Ас хастам бо Хьуна, инзаре тамашийна Ахь со кхолларна. Хьан гІуллакхаш тамашийна ду. Сан синна иза чІогІа дика хаьа. Хьох къайла ца делира сан даьІахкийн хІоттар, со къайлаха, лаьттан кийрахь волуш санна, кхоллалуш. Сан кхетам тІе ца кхуьу кхо хІума ду, диъ хІума а ду со ца кхеташ: стигалахь лелачу аьрзунан некъ, тархашна юкъахь лелачу лаьхьанан некъ, хІорда тІехула дІадоьдучу хІордкеманан некъ, иштта стеган йоІе боьдучу безаман некъ. Массо а хІуманна а цунна йогІуш йоллу хан елла Дала. Дала адаман кхетам чохь абадех йолу ойла кхоьллина, юьххьенца дуьйна дІадовллалц Дала деш долчух иза кхеташ дацахь а. ТІаккха берриг Делан белхаш сайна гича, суна хиира, Дала стигална кІел мел дечу хІуманна адам тІекхиалур доцийла. Хаа мел гІертарх а, хуур дац цунна иза. Нагахь цхьана хьекъалалла долчу стага шена хаьа бохуш хилча а, цуьнан а йиш яцара иза дерриг а ма-дарра хаа. Делан Са мох санна ду. Иза шена луъучухула лела. Механ гІовгІа хеза, ткъа иза мичара богІу а, мича боьду а ца хаьа. Иштта хуьлу хІора а Делан Синах кхоллавелларг а».
Выбор основного перевода