Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
ПаргІат юхалург ло цунна, шайн дегнаш чохь яппарш а ца еш. Аш иштта делча, шун Везачу Дала шун массо а гІуллакхашна тІехь а, шун куьйгаша мел дечунна тІехь а шу декъалдийр ду. Мискачунна дина дика Везачу Элана делла духалург ду, ткъа Везачу Эло иза цунна юхадерзор ду. Декъала ду шу, хІунда аьлча дерриге а хишна уллохь ялта дІаделур ду шуьга, шайн бежанаш а, варраш а паргІат яжийталур ю шуьга. Царах лахара волчунна а гІо диначунна, иза Сан мурд вуйла а хууш, Аса баккъалла а боху шуьга, цунна шен ял хир ма ю, цо цунна кеда чохь шийла хи бен ца деллехь а». Нахана оьшург дІало, Дала шуна а лур ду шуна оьшург. Ластийча, дуьзна тІехула оьхучу сахь чохь лур ду шуна догІург. Аша нехан ма-хаддора, Дала шун а хадор бу мах». „Ас хІун дан деза? – ойла йина цо. – Сан хІара ялта чудилла меттиг ма яц“. Шайн бахамаш дІа а бухкуш, мискачарна сагІа ло. Лелийча тишлур доцу бохчанаш кечде шайна, лахлур йоцу хазна гулъе стигалахь: цигахь цунна тІе къу а кхочур вац, нецано иза юур а яц. Цу тІе аса боху: кІезиг дІадуьйчо – кІезиг ялта схьагулдийр ду, ткъа комаьршаллица дІадуьйчо – алссам ялта схьагулдийр ду. Тхан ларам а бо, тхо сийсаза а доху. Тхуна лен а лоь, тхо хеста а до. Тхох харцлуьйш дерш до, амма тхо бакъонца лела. Дика дан кІад ма лолаш. Нагахь вай дика дан мало ца яхь, тІейогІур ю и хан, ваьш динчу гІуллакхийн кхиамаш вайна карош. Вайн дан таро йолччуьра, дер вай вежаршна дика, къаьсттина вешан динан вежаршна. ХІунда аьлча нийса доцург дац Делехь. Цунна дицлур дац шун гІуллакхаш а, аша Цуьнан нахана тохара а, хІинца а гІодарца Цуьнга гайтина болу безам а.
Выбор основного перевода