Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
юхавоьрзур воцучу меттиге со дІакхалхале – бода а, Іожаллин ІиндагІ а долчу махка, Адам хьал долуш делахь а, цуьнан кхета ницкъ ца кхочу, леш долчу бежанех тарло иза а. Иштта, стеган бІе доьзалхо хила а, иза дуккха а ваха а тарло. Амма иза мел дукха вахахь а, нагахь оцу стага шен долахь долчу диканах ма-бохху марзо а ца эцахь, иза веллачул тІаьхьа, цуьнан оьзда дІаволлар а ца хилахь, тІаккха ала мегар ду, делла динчу берана а дикаха ду, оцу стагана чул. Цуьнан дуьнен чу дāлар а, кхалхар а кхетам тІе ца кхуьу хІума ду. Іаьржачу Іожалло цунах хиндерг хьулдо. Иштта стаг шина эзар шарахь а ваха тарло, шен бахамах марзо а ца оьцуш. Ткъа вай дерриш а цхьатерра коше дІадоьрзуш дац? Хазахетарца даа ахьа хьайн бепиг, ткъа хьайн чагІар а мала деган самукъадаларца. Ахь и гІуллакхаш дарна Дела реза ву хьуна. Къона волуш хьайн дагахь латтавелахь хьуо Кхоьллинарг, хала денош тІехІиттале а, «ХІинца-м дуьненах самукъа а ца долу сан», – ахь олу хан тІекхачале а,
Выбор основного перевода