Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма, хьуна тІех новкъарло ца ярхьама, доьху хьоьга тхан доццачу къамеле ладогІар, хьайгахь гуттар а болчу къинхетамца. Шуна хезна-кх сох лаьцна, хьалха бакъволу жуьгти хилла леллачу хенахь со муха вара. Шуна хаьа, мел къиза тІаьхьаваьллера со Іийсах тешначийн Делан долахь йолчу тобанашна, уьш хІаллак а еш. Сайн тайпанара болчу жуьгтийн нийсархошна юкъахь, сайн дайша лелийна Іадаташ лардар тІехь хьалхе йоккхуш стаг вара со. ХІунда аьлча дуьнен чу ваьллачу борхІалгІачу дийнахь со сунтвина а ву, Исраилан халкъах схьаваьлла а ву, Бен-Яманан тайпанах а ву, Іебархойх схьаваьлла Іебархо а ву. Товрат-хьехамаш кхочушбеш парушхо а вара со.
Выбор основного перевода