Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Иштта дара суна хІоьттина долу Везачу Элан сийлаллин сурт. Сайна иза гича, голаш тІе лаьтта охьа а воьжна, сайн юьхь лаьтта улло кхаччалц охьатаІийра аса. Суна Вистхуьлучун аз хезира. Цо соьга элира: «Адаман кІант! ХьалахІотта хьайн когаш тІе, Со хьоьга вистхила воллу». Цо соьга элира: «Адаман кІант! Ас хьо Исраилан халкъ долчу вохуьйту. Цу аьрхачу халкъо Суна букъ берзийна. Таханлерчу денна тІекхаччалц уьш а, церан дай а, Суна дуьхьал а буьйлуш, лелаш бу. ТІаккха цу стага элира соьга: «Даниал, Далла везаш волу стаг! ХІинца со хьайна тІеваийтина дела, ас хьайга эр долчу дешнийн духе кхиалахь. Хьайн когаш тІе нийса дІахІотта». Цо и дешнаш сайга аьлча, вегош, хьалагІаьттира со. Цо элира: „Вайн дайн Дала къастийна хьо Цуьнан лаам хаа, къаьсттина Бакъверг ган а, Цуьнан багара аз хаза а. ХІунда аьлча гиначунна а, хезначунна а Цуьнан теш хир ву хьо массо а адамна хьалха.
Выбор основного перевода