Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Муса-пайхамарна тІера дІаволавелла, массо а пайхамарша Шех лаьцна Делан Йозанаш тІехь аьлларг царна дийцира Іийсас. «ХІара дара Ас шуна дийцинарг Со шуьца волчу хенахь, дерриг а Сох лаьцна Мусан товратана тІехь а, кхечу пайхамарийн тептарш тІехь а, Забурана тІехь а яздинарг кхочуш ца хилча ца долу», – элира Цо. Цул тІаьхьа церан хьекъал кІаргдира Цо, Делан Йозанах уьш дика кхетийтархьама. Цо элира цаьрга: «Яздина ду, Дала Леррина Къобалвинарг бала лан а, веллачуьра кхозлагІчу дийнахь денвала дезаш а ву аьлла. Цуьнан дуьхьа массо а халкъашка, Ярушалайм тІера дІадуьйладелла, кхайкха деза, къиношна гечдайтархьама дохко а довлий, Далла тІедерза аьлла. Амма цхьана хІуманна тІехь къера ву со: сайн дайн Далла гІуллакх деш вогІу со кхарна тоба бен ца хетачу новкъахула. Товратан хьехамех а, пайхамарша яздинчух а – дерригенах а теша со.
Выбор основного перевода