Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шу Далла тІедирзина делахь, шайн дахарехь иза гайта. Шу Далла тІедирзина делахь, шайн дахарехь иза гайта. „Тхан да ИбрахІим ву“, – алий, тоам ма бе. Ас боху шуьга, Делан таро ю оцу Іохкучу тІулгех а ИбрахІимна тІаьхье ян. ХІинца, шаьш лелийначунна дохко а довлий, Далла тІедерза, шайн къинош дІадахийтархьама. Везачу Эло элира Хьанасе: «ДІавало! И стаг Ас хаьржина гІирс бу. Цо кхайкхор ю Сан цІе кхечу къаьмнех болчу нахана а, церан паччахьашна а, Исраилан халкъана а. ХІума йиинчул тІаьхьа гІора деара цуьнга. Мурдашца масех де даьккхира Дамасакхехь Шаула. Шаул жуьгтийн гуламан цІеношкахь хьехам бан волавелира, Іийса Делан КІант ву бохуш. Цуьнга ладоьгІначара, цец а буьйлуш, хоьттура: «Иза вацара Ярушалаймехь Іийсага кхойкхуш берш хІаллакбан гІерташ? Кхуза а уьш, схьа а лоьцуш, динан коьртачу дайшна тІебига веана вац иза?» Шаул нахана хьехам барехь тІаьхь-тІаьхьа чІагІлуш вара. Дамасакхехь болчу жуьгташка цунна дуьхьало ца ялора, цо Іийса Дала леррина Къобалвинарг ву аьлла тешийча. Дикка хан яьлча, жуьгташа барт бира Шаул вен. Шаулна хиира цара дагалаьцнарг. Жуьгташа дийнахь а, буса а гІалин кевнаш лардора иза верхьама. Амма цуьнан мурдаша буьйсанна гІалин гонахарчу пена тІехула тускар чохь чувоссийра иза. Ярушалайме а веана, Іийсан мурдех дІакхета хьаьжира Шаул, амма уьш, кхоьруш, ца тешара хІара а Цуьнан мурд хиларх. ТІаккха Бар-Нааба векалшна тІевалийра иза. Цо дийцира царна, Шаулна новкъахь Веза Эла гар а, Везачу Эло кхуьнца къамел дар а, Шаула Іийсан олаллин цІарах майрра Дамасакхехь хьехам бар а. Цаьрца мелла а хан яьккхира Шаула. Иза паргІат лелара Ярушалаймехь, Іийсан цІарах майрра хьехам а беш. Цо кест-кеста къуьйсура грекийн мотт буьйцучу жуьгташца. Эххар а хІара вен барт хилира церан.
Выбор основного перевода