Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цундела мурдаша сацам бира, шайн тароне хьаьжжина, ЯхІуд-махкахь болчу динан вежаршна гІо дан. Иштта дан а дира цара. Ярушалаймехь болчу Іийсах тешачийн тобанан тхьамданашка шаьш гулдинарг Бар-Наабе а, Шауле а дІадахьийтира цара. Дерригенах кхета а кхетта, Мареман цІа долчухьа вахара Кипа. Марк аьлла цІе йоккхучу Яхьъян нана яра и Марем. Цуьнан цІа чохь дуккха а адам гулделлера доІанаш дан. Салам-гІала схьа а баьхкина, цигахь жуьгтийн гуламан цІеношкахь Делан Дош хьоьхура цара. Царна гІо деш Яхьъя а вара цаьрца. ПатІосера ПахІал а, цуьнан накъостий а Пампили-махкахь йолчу Перги-гІала бахара хІордахула. Уьш цигахь а битина, Ярушалайме юхавеара Яхьъя. Бар-Наабана шеца, Марк олий, кхин цІе йоккхуш волу Яхьъя схьаэца лиира.
Выбор основного перевода