Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Итт де даьлча, Везачу Эло туьйхира Набална, иза велира. Адам хІаллакдеш долу малик шена гича, Дауда Везачу Эле элира: «Аса къа латийна! Сан бакъо йоцург дина аса! Амма хІокху наха цхьа а вониг ца дина. Уьш, уьстагІий санна, суна тІаьхьахІиттина лелла. Цундела Хьан таІзар суна а, сан ден доьзална а тІе доьрзийла». ХІинца аса, Набухди-Нецара, ваз а во, лакха а воккху стигалшкара Паччахь, сий а до Цуьнан. Массо а Цо деш долу хІума нийса ду, ткъа дерриге а Цуьнан некъаш бакъ ду. Дагца куралла ерш охьатаІо Иза ницкъ болуш а ву». Амма цуьнан дог курадаьлча, синца иза тІех къиза дарвелча, цуьнгара паччахьалла дІадаьккхира, цуьнан цІе яккхар дайира.
Выбор основного перевода