Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Сан ялхоша, Ливанун-махкара дІа а даьхьна, хІордана тІе дахьар ду уьш, цигара дІа ас бурамашца кхачадойтур ду уьш кхачо деззачу меттиге, цигахь тІекІел а дохкуш. ТІаккха аша уьш цигара схьаоьцур ду. Амма ахьа а кхочушбе сан лаам, сан цІенна оьшуш болу кхача боуьйтуш». Ткъа Сулим-паччахьо бІе эзар гали кІа а, цхьа эзар биъ бІе чами тоьлла долу зайтдаьтта а дохьуьйтура хІора шарахь Хьирам-паччахьан цІахь мел волчунна. ЯхІуд-мохк а, Исраил-мохк а хьоьца мах лелош бара, хьан сурсаташна дуьхьал Минитара кІа а, сегІаз а, моз а, даьтта а, хьакхарш а лора цара. «Декъаза ю-кх хьо, Къераз-гІала! Декъаза ю-кх хьо, Бет-Саида-гІала! Шу долчохь хилла долу тамашийна гІуллакхаш Цора-гІалахь а, ЦІадан-гІалахь а хиллехьара, цигара адамаш, тоххарехь дохко а девлла, шайн дохкодовлар гойтуш йолу бедарш тІе а юьйхина, овкъарна тІе охьахевшина хир дара. Цигара дІа а ваьлла, Іийса Цорин а, ЦІаданан а гонах йолчу меттигашка дІавахара.
Выбор основного перевода