Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІунда аьлча Везачу Элан бІаьргаша дерриге а латта дІалоцу, Шех дог тешна Іаш болчарна гІо дархьама. Ахьа ойла ца еш хІума дина хІинца. И бахьана долуш хІинца дуьйна тІемаш бан дезар ду хьан». qac Кqac*Іелхьарбоху Везачу Элан Малико Цунах кхоьруш бехарш. Царна гонах а хьийзаш, Цо уьш лар а бо. ТІаккха Набухди-Нецара элира: «Хастам бу Шадракан а, Мешакан а, Іабди-Нагин а Далла, царна Шен малик даийтина волчу. Шех тешна, паччахьан омра кхочуш а ца дина, шайн Дела воцург лара а ца лерина, шайн Дела воцчунна цхьана а кхечу далла Іибадат а ца дина, шайн догІмаш цІерга тесна болу хІорш кІелхьарбаьхна Цо. Сан Дала Шен малик даийтина. Цу малико лоьмийн батош дІакъевлина. Со Далла хьалха цІена волу дела, лоьмаша цхьа а тайпана зен-зулам ца дина суна. Ткъа хьуна хьалха а, паччахь, аса цхьа а тайпана зулам ца дина». Метта а веана, цо аьлла: „Мел дукха ялхой бу сан ден цІахь, церан массеран а шортта яа хІума ю, ткъа со кхузахь мацалла леш ву! Дала оцу даларан боккхачу кхерамах кІелхьардехира тхо, Цо кІелхьардохур а ду. ХІинца чул тІаьхьа а Цо кІелхьардохур ду аьлла, тешна а ду тхо. Везачу Элана хаьа Шен лаамехь берш церан зенех кІелхьарбаха а, ткъа Шен лаамехь боцурш царна кхел ен йолчу дийне хьовсийна, таІзар а деш, латто а, Далла гІуллакх деш долу синош дац ткъа маликаш, кІелхьардовлар кхочун долчарна гІуллакх дан дахкийтина дац ткъа уьш?
Выбор основного перевода