Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Акацих стол е ши дол еха а, цхьа дол шуьйра а, цхьа дол ахдол лекха а. Цунна гонах деши а лаций, тІаккха гонах дашо сара лаца. Цунна гонах гур бе кераюкъан шораллехь. Цунна тІе а дашо сара лаца. Стоьлана йиъ дашо чІуг е, уьш цуьнан сенашкахь, беа кога тІехь, дІачІагІъе. Стол дІасалело хьокхий чекхдоху чІагарш стоьлан гурана уллохь хила еза. Хьокхий а акацих де, царна тІехула деши лаца. Царна тІехь лелор ю и стол. Стоьлана тІехІитто бошхепаш а, еш а, кедаш а, боганаш а де, царна чу чагІаран сагІанаш доттархьама. ЦІеначу деших е и хІуманаш. Цу стоьла тІехь Суна хьалха гуттар а Суна лерина бепиг латтаде». «КІен дама схьа а эций, цунах шийтта бепиг датта, хІора баьпкана цхьа сахь дама хьакхаде. Везачу Элана хьалха гонах цІена деши лаьцначу стоьла тІе шина могІарехь, ялх-ялх а дуьллуш, охьадахка и баьпкаш. ХІора могІарехь хаза хьожа йогІу сегІаз а охьадилла, баьпкан метта Везачу Элана лерина цІера тІехь доккхучу сагІина хир ду иза. Дерриг а бепиг Везачу Элана сагІина дІаделла хиларан билгало хир ю иза. ХІора шоьтан дийнахь исраилхойн метта динан дас Везачу Элана хьалха дахка деза и баьпкаш. Иза гуттаренна а болу барт бу. АхІаронан а, цуьнан кІентийн а хир ду и баьпкаш. Езачу меттехь дуур ду цара уьш, хІунда аьлча Везачу Элана леринчу цІера тІехь даьхначу сагІанех деза сагІа ду иза царна делла долу. Иза гуттаренна а тІедиллина хІума ду».
Выбор основного перевода