Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цара дола дан дезачунна юкъайогІура хІара хІуманаш: Делан тІорказ а, стол а, стогар а, кхерчаш а, четарна чохь гІуллакх дан леррина язйина пхьегІаш а, четаран уггар езачу чоьнна хьалха оьллина кирхьа а, иштта цаьрца боьзна болу белхаш бар а. Ткъа КхахІатан тІаьхьенах болчарна ца белира цо уьш, хІунда аьлча царна тІедиллина дара, уьш, меттах а бевлла, кхечу метте дІабоьлхучу хенахь четаран еза хІуманаш шайн белшаш тІехь дІаяхьар. Нахонан хьаьтта кхаьчча, Іузас, куьг дІа а кховдийна, Делан тІорказ схьалецира, стерчаша иза агІордаьккхина дела. Амма Веза Эла чІогІа оьгІазвахара Іузина. Цо иза циггахь, цу тайпана, оза а ца луш, тІорказна тІе куьг даьхьна аьлла, вийра. Иза Делан тІорказна уллохь велира.
Выбор основного перевода