Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Акацин дечигах тІорказ де. Иза ши дол ахдол деха а, цхьа дол ахдол шуьйра а, цхьа дол ахдол лекха а хила деза. ТІорказ чу Ас хьайга лун йолу экъанаш яхка, шуьца Ас бинчу бертан тоьшалла хилийтархьама. Сийначу а, сирла-цІечу а, таьІна-цІечу а эхангах а, дуткъачу кІадих а хьалха уллу кирхьа де. Цу тІехь говза дина каруб-маликийн суьрташ хила деза.
Выбор основного перевода