Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
къуьданна зайтдаьтта а, къобалваран даьттанах а, хаза хьожа йогІучу сегІазах а туху хаза хьожа йогІу хІуманаш а, Хьалхарчу Іахарца иштта сагІанаш даха: кхачанан сагІа санна хІинан доьалгІа дакъа тоьлла долчу зайтдаьттанца эдина бархІ кад дама, ткъа чагІаран сагІа санна биъ кад чагІар. ШолгІа Іахар сарахь, сагІа санна баккха, ткъа цуьнца хьалхарчуьнца санна долу кхачанан сагІа а, чагІаран сагІа а даккха. Иза цІера тІехь даьккхина сагІа ду, ткъа цуьнан хьожа Везачу Элана тамехь хир ю. Оцу дерригенах а тІедуттуш долу а, духІиш кечдаран пхьеро эдинарг санна долу а деза даьтта кечде. Иза къобалваран деза даьтта хир ду. Везачу Эло Мусага элира: «Хаза хьожа йогІу сегІазаш схьаэца: стакти а, оних а, халван а, цІена ливан а цІе йолу хІуманаш. Ерриг а цхьана барамехь хила еза. Хаза хьожа йогІу а, духІиш кечдаран пхьеро эдинарг санна долу а сегІаз кечде цу хІуманех. Цу чу туьха таса, иза цІена а, деза а хилийтархьама. Везачу Эло Мусага элира: «Исраилхошна тІедилла, даго тоьлла цІена зайтдаьтта да алий, стогар массо а хенахь богуш хилийта. Бартбаран тІорказна дуьхьалъоьллинчу кирхьанан арарчу агІор гуламан четарна чохь АхІарона стогар Везачу Элана хьалха латийна латто беза, сарахь дуьйна Іуьйре тІекхаччалц. Шун тІаьхьенашна гуттаренна а тІедуьллуш ду иза. Левихойн баьччанашна тІехь волу баьчча вара динан да волчу АхІаронан кІант ЭлиІазар. Еза хІуманаш Іалашъеш болчарна тІехь куьйгалла дан къобалвинера иза.
Выбор основного перевода