Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІорда юккъерачу лаьтта тІехула дІабахара исраилхой. Пен а хилла лаьтташ, аьрру а, аьтту а агІор хи дара царна. Исраилхой Эрзан хІорда тІера дІабигира Мусас. Шур цІе йолчу яьссачу аренга кхечира уьш. Кхаа дийнахь цу аренгахула дІаоьхуш, хи ца карадора царна. Эххар а Марра цІе йолчу метте баьхкира уьш. Цигахь царна карийна хи къаьхьа долуш мала ца лора. Цундела тиллинера цу меттиган цІе Марра (ткъа иза «къахьалла» бохург ду).
Выбор основного перевода