Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Муса, хьайн ваша АхІарон а, цуьнан кІант ЭлиІазар а эций, ХІор-лам тІе хьалавала. АхІаронна тІера бедарш схьа а яхий, уьш цуьнан кІантана ЭлиІазарна тІеюха. Цигахь АхІарон кхелхар ву». Везачу Эло тІе-ма-диллара, кхочушдира Мусас. Дерриг а халкъана хьалха ХІор-лам тІе бевлира уьш. АхІаронна тІера бедарш, схьа а яьхна, ЭлиІазарна тІеюьйхира Мусас. Цигахь, лам тІехь, АхІарон кхелхира, ткъа Муса а, ЭлиІазар а лам тІера чувоьссира. (Исраилхой Баировт-Баней-ЯІакханера гІунаш тІера Мосире дІабахара. АхІарон дІакхелхира, иза цигахь дІавоьллира. Цуьнан метта динан да дІахІоьттира цуьнан кІант ЭлиІазар.
Выбор основного перевода