Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Церан деланашна хьалха корта ма тоха, царна Іамал а ма е, цу нахах дІа а ма тарло. Мелхо а, церан цІуш бохабе, ткъа цара шайн деланашна хІиттийна тІулгаш кегде. Хьан махкахь уьш буьтийла дац, Суна дуьхьал хьоьга къинош ца летадайта, хІунда аьлча церан деланашна ахь Іамал яхь, иза хьуна боьгІна гур хир бу». Церан сагІа доккху меттигаш а, Іибадат дан хІиттийна тархаш а йохаяй, Ашера-далла лерина болу церан дечиган бІогІамаш хадабай, дІабаха. «Шайна цІуш ма бе, лалийна цІуш а, харцделанашна хІиттийна тІулгаш а, тІулгех хедийна цІуш а ма хІиттабе, царна Іибадат дархьама, хІунда аьлча Со шун Веза Дела ву. Шун Везачу Дала уьш шун кара а делла, аша и къаьмнаш эшийча, уьш кхоччуш дакъазадаха. Цаьрца барт а ма белаш, царах къа а ма хеталаш. Амма аша царна хІара делаш: церан сагІа доккху меттигаш йохаелаш, харцделанашна хІиттийна церан тІулгаш аталаш, Ашера-далла лерина долу церан дечиган бІогІамаш дІахедаделаш, церан цІуш багабелаш. Церан сагІа доккху меттигаш йохаелаш, харцделанашна хІиттийна церан тІулгаш аталаш, Ашера-далла лерина долу церан дечиган бІогІамаш дагаде, церан цІу-деланаш дІахедабелаш, оцу харцделанийн цІераш а дІаяхалаш оцу меттера. Ерриг и гІаланаш схьа а яьхна, церан паччахьаш туьраца байира ЮшаІа, Везачу Элан ялхочо Мусас тІе-ма-диллара.
Выбор основного перевода