Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Айхьа бинчу белхан дуьххьарлера ялта арара схьаэцаран де а дазде. Иштта, хьайн арара болх дІаберзош, шеран чаккхенехь ялта чудерзоран де а дазде. Дуьххьарлера ялта схьаэцаран „ШавуІот“ цІе йолу деза де а, шо чекхдолуш ялта чудерзоран деза де а лара. «ДІаала исраилхошка: „Ас шайна луш долчу лаьтта тІе шаьш даьхкича, ялта чудерзочу хенахь дуьххьарлера цІов динан дега дІало. «Везачу Элана хьалха хьалаайа шаьш цІов баьхьначу шоьтан де чекхдаьллачу шолгІачу денна тІера дуьззина ворхІ кІира дагарде. Цул тІаьхьа шайн Везачу Далла лерина ШавуІот цІе йолу дезде дазделаш, шайн лаамца долу сагІа а доккхуш, шайн Везачу Дала шу декъалдаре хьаьжжина.
Выбор основного перевода