Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма ша сагІина лерина хІума яхьачу хенахь, стага Везачу Элана лерина кІен сагІа а дан деза: хІинан доьалгІа дакъа зайтдаьттанах эдина долу бархІ кад тоьлла кІен дама. Дийнаташ дагоран я бертан сагІа доккхучу хенахь хІора Іахарца цхьаьна хІинан бараман доьалгІа дакъа чагІар кечде, чагІаран сагІина лерина. Ткъа шаьш сагІина лерина ка балочу хенахь, кІен сагІина ялхитта кад кІен дама а, цунах эдай, хІинан кхоалгІа дакъа долу зайтдаьтта а да, иштта хІинан кхоалгІа дакъа долу чагІаран сагІа а да. Оцу сагІанийн хьожа Везачу Элана тамехь хир ю. Нагахь дийнаташ дагоран сагІина я бертан сагІина, я Везачу Элана хьалха йинчу чІагІонан сагІина лерина къона старгІа ялош елахь, оцу старгІица цхьаьна кІен сагІа а дан деза: ткъе биъ кад кІен дама а, цунах эдина хІинан шолгІа дакъа зайтдаьтта а. Иштта хІинан ахдакъа чагІар а дан деза чагІаран сагІина. Иза цІера тІехь дагош долу сагІа ду, ткъа цуьнан хьожа Везачу Элана тамехь ю. Иза делаш хІоразза а шаьш Везачу Элана лерина сагІина сту а, ка а, Іахар я буьхьиг ялочу хенахь. Иштта сагІанаш тІетоха деза аша хІора дийнатна, церан терахье хьаьжжина.
Выбор основного перевода