Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Бутт а цІинбелла, я кхин долу деза денош тІе а хІиттина, шайн самукъане хан елахь, цунна лерина дийнаташ дагоран а, барт баран а сагІанаш шаьш дохучу хенахь турбанаш лакха. Иза шун Далла шу дагадаийтар хир ду. Со Веза Эла волу шун Дела ву». ТІаккха Дауда ЯхІунате элира: «Кхана бутт цІинбаларан дезде ду. Со паччахьна уллохь шуьнехь Іан везаш ву. Амма ахьа со дІавахийтахьара, кхоалгІачу дийнан суьйре тІекхаччалц, со аренгахь къайлавер вара. Цара изза дан дезара къастийначу дезачу деношкахь а, керла бутт болалуш долчу дезачу деношкахь а, дезачу шоьтан деношкахь а, хІоразза а Везачу Элана дийнаташ дагоран сагІанаш даьхча а. Яздина билгалдаьккхина ма-хиллара, Везачу Элана хьалха гІуллакх дан дезара левихоша массо а хенахь. Ма кхехьа Суна ца оьшу совгІаташ. Суна вон хета аша, хаза хьожа йогІу хІуманаш а ягош, доху сагІанаш. Бутт цІинлун денош а, шоьтан денош а даздар а, дезачу деношкахь шун гулдалар а ца деза Суна. Харцонаш лелийначул тІаьхьа, аша динан гуламашкахь даздар Суна дегаза хета! Бутт цІинлуш шун гулдалар а, шун деза денош а Суна бІаьрга дан ца деза. Уьш мохь санна ду Суна, амма Со кІадвелла и мохь дІакхехьа. Ткъа эла декхарийлахь ву дезачу деношкахь а, бутт цІинлучу хенахь а, шоьтан деношкахь а – Исраилан халкъан динан массо а дезачу деношкахь – дохуш долчу дийнаташ дагоран а, кІен а, чагІаран а сагІанашна хІуманаш а, даьхни а дІадала. Цо даьхни а, хІуманаш а лур ю къинойх долчу а, кІен а, дийнаташ дагоран а, бертан а сагІанашна, Исраилан халкъана тІера къинош дІадахийтархьама». Бутт цІинлучу хьалхарчу дийнахь цо тІехь цхьа а сакхт доцу старгІа а, иштта тІехь сакхт доцу ялх Іахар а бан беза. ХІинца дуьйна йиънарг я мелларг бахьана долуш, къастийна долу а, я керла бутт болалуш долу а, я шоьтан деза долу а денош бахьана долуш цхьаммо а шу бехке ма дойла.
Выбор основного перевода