Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ДІаала берриг а исраилхошка: хІокху беттан уьтталгІачу дийнахь хІораммо а цхьацца Іахар я буьхьиг эца шен доьзална. Нагахь санна Іахар баа ца баллал доьзал жима белахь, шена уллорачу лулахочуьнца юкъахь схьаэца и Іахар. Шайн доьзалхошка хьаьжжина, цхьа Іахар массарна а кхаччал декъало. Іахар боьрша а, цхьа а сакхт доцуш а, цхьа шо кхаьчна а хила беза. Іахар я буьхьиг а мегар ю. Кху беттан дейтталгІа де тІекхаччалц иза Іалашбан беза. Цу дийнахь, суьйренан бода тІебеача, массо а доьзалехь кечбина болу Іахар бен беза. И Іахар буун болчу цІеношкахь неІаран гуран шинне агІор а, неІаран дукъо тІе а Іахаран цІий хьакха. Цу буссехь цІера тІехь деттина Іахаран жижиг дІадаа деза аш. Иза къаьхьачу бецашца а, совсазчу баьпкаца а даа деза. Цунах датта далаза диснарг а ма даа, я кхехкийнарг а ма даа. Корта а, когаш а, чоко а дІа а ца йоккхуш, цІера тІехь даттий, дІадаа иза. Іуьйре хилале цунах хІумма а ма дита, амма дуьсуш хилахь, сахилале цІера тІехь дагаде диснарг. И кхача буучу хенахь шу тІе хІума юьйхина хила деза, юкъ а йихкина, когахь мачаш а йолуш. ХІума сихонца яа еза аш. Некъан Іаса карахь хила еза шун. Иза Везачу Элан Пасахь ду. Хьалхарчу беттан дейтталгІачу дийнан сарахь дуьйна ткъе цхьалгІачу дийнан сарралц совсаза бепиг дуур ду аш. «Хьалхарчу беттан дейтталгІачу дийнахь, сарахь, Везачу Элана лерина Пасахь хила деза. «Абиб олучу баттахь шайн Везачу Далла лерина Пасахьан деза денош дазде, хІунда аьлча оцу беттан цхьана буьйсанна шун Везачу Дала Мисар-махкара арадаьхнера шу.
Выбор основного перевода