Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Докъах хьакха а велла, цІано яран Іадат кхочуш а ца деш, Везачу Элан четарна юххе ваханчу муьлххачо а иза бехдийр ду. Цу тайпана волу стаг Исраилан халкъана юкъара дІаэккхо веза. ЦІандаран хин цинцаш оцу стагана тІе ца тоьхна дела, иза Далла хьалха цІена хир вац, цуьнан цІена цахилар цунна тІехь дуьсур ду. Ткъа нагахь Далла хьалха бехвеллачу стага ша иштта цІан ца вайтахь, и стаг Исраилан халкъана юкъара дІаэккхо веза, Дела Іаш волу меттиг цо бехйина дела. ЦІанваларан хин цинцаш цунна тІе ца тохарна, иза Далла хьалха цІена вац. Иза шуна гуттаренна а тІедиллина ду. ЦІанваларан хин цинцаш тІетоьхначо шен тІеюху бедарш йитта еза. Муьлхха а цІанваларан хих хьакхавелларг сарралц боьха хир ву. Нагахь эсийн а, гезарийн а цІийно а, дагийначу шинарин чимо а, шайна уьш тІетоьхча, товрат-хьехамаша ма-бохху, бехбинарш цІанбеш хилча,
Выбор основного перевода