Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нагахь Далла хьалха цІена воцучу стага Везачу Элана леринчу бертан сагІин жижиг даахь, иза шен халкъана юкъара дІаваккха веза. Иштта шаьш боьха хуьлуьйтучу хІуманех исраилхой къостуьйтур бу ахь, царна юкъахь долу Сан цІа сийсаз а деш, шайн боьхачу хІуманашца уьш ца балийта. ДІаала цаьрга: „Шун тІаьхьенах волу цхьаъ, Далла хьалха цІена а воцуш, исраилхоша Суна къобалдинчу дезачу сагІанашна гергакхачахь, Суна хьалхара дІаэккхор ву иза. Со Веза Эла ву“. Ткъа уьш цІанбеш хІара де: къинойх цІанбан лерина кечдинчу хин цинцаш тоха царна тІе. Шайн догІмаш тІера берриге а чо дІабаккхийта цаьрга. Иштта шайна тІера бедарш а йиттийта цаьрга, тІаккха уьш Суна хьалха цІанлур бу. ЦІена болчех цхьаммо, цу аьттан чим, схьа а гулбина, цІеначу метте охьабилла беза. Исраилан халкъан дуьхьа латтор бу и чим, цунах цІандаран хи кечдархьама. И чим къинан сагІа лоруш ду. Ткъа нагахь Далла хьалха бехвеллачу стага ша иштта цІан ца вайтахь, и стаг Исраилан халкъана юкъара дІаэккхо веза, Дела Іаш волу меттиг цо бехйина дела. ЦІанваларан хин цинцаш цунна тІе ца тохарна, иза Далла хьалха цІена вац.
Выбор основного перевода