Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цул тІаьхьа Хьагайс иштта хаьттира: «Нагахь санна оцу хІуманех, докъах куьг тоьхна Далла хьалха бехвелларг дІахьакхалахь, уьш бехъелла хир юй те?» Динан дайша жоп делира: «Бехъелла хир ю», – аьлла. ТІаккха Хьагай-пайхамаро, жоп а луш, иштта элира: «Иштта ду хІара халкъ, иштта ду Суна хьалха хІара къам, – боху Везачу Эло, – иштта ду церан куьйгаша мел деш долу гІуллакхаш а! Цара Суна цигахь мел доккху сагІа Суна хьалха боьха ду».
Выбор основного перевода