Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло Мусага элира: «ДІаала динан дайшка, АхІаронан кІенташка: „Шайн халкъана юкъара веллачух куьг а тохий, шаьш Далла хьалха бех ма де. «Исраилхошна тІедилла чкъураца дІа ца йоьрзу цамгар ерш а, дегІах тІуналла схьаяьлларш а, веллачух хьакхабаларна Далла гергахь бехбелларш а берриге а шайна юкъара дІалахкар. Ша цІена волчо Далла хьалха цІена воцучунна кхозлагІчу а, ворхІалгІачу а дийнахь оцу хин цинцаш тоха деза. ВорхІалгІачу дийнахь цо и стаг цІанвинчул тІаьхьа, цу стага хица шен бедарш йитта а еза, шен дегІ цІандан а деза. Сарахь иза Далла хьалха цІена хир ву. Ткъа хІинца шуна юкъара шен карах адам делла мел верг а, дийначу адаман докъах дІа мел хьакхавелларг а шайн меттаматтана арахьа а валий, ворхІ де даккха, ткъа кхозлагІчу а, ворхІалгІачу а деношкахь шаьш а цІанло, шайн йийсарехь берш а цІанбалийта. ПахІала, билгалбаьхна нах схьа а эцна, шолгІачу дийнахь цаьрца цІинваларан Іадат кхочушдира. Юха, Делан цІийнан керта а веана, цо хаам бира, шайн цІиндаларан денош чекх маца девр ду а, шайх хІораннах а сагІа маца доккхур ду а аьлла. ВорхІалгІа де чекхдолуш Асиа-махкарчу жуьгташна Делан цІийнан кертахь гира иза. Дерриг а адам карзах а даьккхина, цара ПахІал схьалецира,
Выбор основного перевода