Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІунда аьлча Со шун Веза Дела ву. Суна хьалха шаьш дІакъастаделаш, иштта цІена хилалаш, хІунда аьлча Со а цІена ву. Лаьттахула текхачу боьхачу хІуманашка шаьш бех ма дайта. Шун Дела хилархьама, шу Мисар-махкара арадаьхна Веза Эла ву Со. ЦІена хилалаш, хІунда аьлча Со а ву цІена. Мало а ца еш, дукха болх белаш. Даим доьналла а долуш, Далла гІуллакх делаш. Ткъа хІинца, Ша леррина Къобалвинчун дегІан даларехула, Дела шуьца тайра, Шена хьалха шу даздина а, цІена а, ала хІума доцуш а дІахІитторхьама. Мелхо а, шаьш а цІена хила, шайн лелар а цІена хилийта, шаьш ТІекхайкхинарг цІена ма-хиллара. Делан Йозанаш тІехь аьлла ма ду: «ЦІена хилалаш, хІунда аьлча Со а цІена ву».
Выбор основного перевода