Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьалхарчу Іахарца иштта сагІанаш даха: кхачанан сагІа санна хІинан доьалгІа дакъа тоьлла долчу зайтдаьттанца эдина бархІ кад дама, ткъа чагІаран сагІа санна биъ кад чагІар. «Нагахь цхьанна кІен сагІа даккха лаахь, кІенах дина тоьлла дама схьа а дай, цу тІе зайтдаьтта а дотта, ливан цІе йолу сегІаз а дилла цо. «КІен сагІанах долу тІедиллинарг ду хІара: динан дайша, АхІаронан кІенташа, сагІа доккхучу кхерчана дуьхьал Везачу Элана лерина дан деза иза. БорхІалгІачу дийнахь цхьа шо кхаьчна, айп доцу ши Іахар схьаоьцур бу цу стага. Цул сов, цхьа шо кхаьчна, айп доцу стен Іахар а, цхьа сахь зайтдаьтта тоьхна долу кІен дама а кІен сагІина лерина а, ши кад зайтдаьтта а дан деза цо. Іахарца цхьаьна кІен сагІа а, чагІаран сагІа а да. КІен сагІина цхьа сахь кІен тоьлла дама схьа а эца, ткъа цу тІе даьтта тоха. ЦІера тІехь даьккхина кІен сагІин хьожа Везачу Элана тамехь хир ю. ЧагІаран сагІина хІин цІе йолчу бараман доьалгІа дакъа чагІар схьаэца. ХІора сагІанца кІен сагІина лерина дан деза шех хІинан доьалгІа дакъа тоьлла долчу зайтдаьттанца эдина долу бархІ кад тоьлла дама.
Выбор основного перевода