Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цхьатерра бакъонаш хир ю исраилхочун а, шуна юкъахь Іаш волчу стеган а». Цу гІуллакхашна тІедиллинарг цхьаъ хир ду шуна тІевеанчунна а, махкахочунна а, хІунда аьлча Со шун Веза Дела ву“». Шуна юкъахь Іаш тІевеана стаг велахь, ткъа цунна а Везачу Элана лерина Пасахьан дезде даздан лаахь, цо и гІуллакх, Пасахьан парзаш а, цуьнан тІедехкинарш а лар а деш, кхочушдан деза. Шун массеран а цхьатерра парзаш хила деза – тІевеанчу стеган а, шен схьавалар исраилхойх волчуьнан а“». Цхьатерра болу товрат-хьехам шуна юкъахь лелар бу Исраил-халкъах схьабевлла болчу бахархошна юкъахь а, тІебаьхкина Іаш болчарна а, нагахь цара, ца хууш гІалат а бевлла, къа латадахь. Исраилхойх я тІебаьхкина Іаш болчу нахах цхьаммо, ша аьрха хиларна, къа латадахь, цо Веза Эла емалво. И стаг шен къомана юкъара дІаваккха везаш ву,
Выбор основного перевода