Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Нагахь стаг, цхьа хІума гина я цунах лаьцна хезна, теш велахь, шена хуучух чІагІо е аьлча, цо иза ца яхь, тІаккха иза бехке ву, цо жоп дала деза. нагахь Сан парзаш дІа а теттина, Ас тІедиллинчух а ца дешаш, Сан весеташ кхочуш а ца деш, Соьца бина барт а талхош, шу лелахь, Исраилхойх дисна долу латта, царах дасса а делла, зовкх хьоьгуш хир ду ша садоІучу шерашкахь. Шайн харцонашна цара декхар токхуш хир ду, Ас тІедиллинарг кхочуш ца дарна, Сан парзаш тІе ца эцарна. Хьо Везачу Элах хІинца ца вешира, Цо ца магийна долу зе а дина? Ахьа хьетахо волчу УръяхІуна тур а туьйхи, цуьнан зуда хьайна схьа а ялий, ткъа иза Іамминхойн карах вала а валийти. Шена бина хьехам дІатоттург жоьпе озор ву, амма весет лоруш волчунна ял хир ю. Къинош летийнарг лийр ву, ткъа кІантана, шен дас лелийнарг бахьана долуш, таІзар дийр дац, шен кІанта летийначу къиношна дена а дийр дац таІзар. Делан лаамехь волчун дика цунна бен ца догІу, вониг лелочун вон цунна бен догІуш ца хиларе терра.
Выбор основного перевода