Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нагахь санна дерриге а Исраилан халкъо ларамаза къа латадахь, Везачу Эло тІедехкина парзаш а талхош, дан ца мегарг дахь, иза бехке хир ду. Нагахь дийнаташ дагоран сагІина я бертан сагІина, я Везачу Элана хьалха йинчу чІагІонан сагІина лерина къона старгІа ялош елахь, оцу старгІица цхьаьна кІен сагІа а дан деза: ткъе биъ кад кІен дама а, цунах эдина хІинан шолгІа дакъа зайтдаьтта а. Иштта хІинан ахдакъа чагІар а дан деза чагІаран сагІина. Иза цІера тІехь дагош долу сагІа ду, ткъа цуьнан хьожа Везачу Элана тамехь ю. Шаьш хІора дийнахь дохучу дийнаташ дагоран а, чагІаран а сагІанел сов Везачу Элана лерина къинан сагІина лерина цхьа бож яло еза аша».
Выбор основного перевода