Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шуна тІехь ду шуна Делан лаамехь болчеран цІий, аша Іанийна долу, бехк боцучу Хьабулна тІера дІадолийна Барак-ЯхІун кІант волчу Закри-ЯхІуна тІекхаччалц, Делан цІенний, сагІа доккхуш болчу кхерчаний юккъехь аша вийна волчу. Кхаим санна ма хилалаш, иза иблисан долахь а вара, цо шен ваша а вийра. Ткъа хІунда вийра цо иза? Шен гІуллакхаш зуламе хилла дела, ткъа цуьнан вешин гІуллакхаш Делан лаамехь долу гІуллакхаш хилла дела. Къа ду церан, хІунда аьлча Кхаиман новкъахула боьлхура уьш, БалиІам санна, кхаьънашка марзбелира уьш, Кхорахь санна, гІевттира уьш, ткъа иза санна, хІаллак а хир бу уьш.
Выбор основного перевода