Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха шу шайн Деле кхайкха. Ткъа со Везачу Эле кхойкхур ву. ЦІе латаярца доІанна жоп Делларг билггал волу Дела хир ву». Дерриг а халкъо, жоп а луш, элира: «Ахь бохург дика ду!» Цу хенахь хІорра а Везачу Эле кхойкхуш верг кІелхьарвоккхур ву. Везачу Эло ма-аллара, кІелхьардовлар Цийон-лам тІехь а, Ярушалаймехь а хир ду. КІелхьарбаьхнарш Дала Ша тІекхайкхинарш хир бу». ТІаккха Ас юха а халкъашна цІена мотт лур бу, массо а Везачу Эле кхайкхийтархьама а, белшах белш а тоьхна, Цунна гІуллакх дайтархьама а. ХІара кехат оха яздо Коринт-гІаларчу Делан динан тобане. Дала леррина къобалвинчу Іийсаца уьйр хиларна, Дала даздинарш ду шу. Иштта, Делан долахь хила къастийнарш а ду шу, ткъа шуьца цхьаьна массанхьа а тхан Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсага кхойкхурш а иштта тІекхайкхина бу. Тхан Веза Эла хилла а ца Іаш, Іийса церан а Веза Эла ву.
Выбор основного перевода