Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьайна хьалхара со дІа ма ваккхахьа, Хьайн Деза Са соьгара дІа ма даккхахьа. Цхьана стага адаман цІий Іанийнехь, цуьнан цІий а Іанор ду, цу стага Делан вастехь кхоьллинчуьнан цІий Іанийна дела. ЧІир йоькхуш волчун шен а бакъо ю и стаг вен. И стаг шена дуьхьалкхетча, цо иза вуьйр ву. я нагахь, шен цхьана стагаца мостагІалла долу дела, иза валлал цунна тІе куьг тохахь, и стаг вен везаш ву – иза адам дийнарг лору. И стаг шена дуьхьалкхетча, чІир йоькхуш волчо иза вуьйр ву. иза чІир йоькхучунна цу гІалина арахьа дуьхьалкхета мега. Ткъа чІир йоькхуш волчо и стаг вийча, цунна тІехь цІий Іаноран бехк хир бац. Ярушалайм-гІалин а, ЯхІуд-мехкан а бахархой Шена уллора дІататтал чІогІа оьгІазваханера Веза Эла. Иштта ЦІадукъ-ЯхІу-паччахь Бавел-мехкан паччахьна дуьхьалвелира.
Выбор основного перевода