Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
доьзалехь хьалха дуьнен чу ваьлла хІора кІант а, боьрша хьайба а Везачу Элана дІало. Доьзалехь дуьххьара хилла кІант Сан ву, хьан даьхни юкъара дуьххьара хилла боьрша хьайба – я уьстагІ, я газа – Сан ду. Хьалха хилла йолу вир, цуьнан метта Іахар а белла, паргІатъяккха. Ткъа айхьа иза паргІат ца яккхахь, виран ворта кагъе. Хьайн дуьххьара хиллачу кІентех а мах ло. Цхьа а Суна дуьхьал ма вола, карахь совгІат а доцуш. Динан дас сагІа доккхучу кхерча тІехь яго еза уьш. Иза цІера тІехь даьккхина кхачанан сагІа ду, Везачу Элана тамехь йолу хьожа ю и. Ерриг а мохь Везачу Элана лерина хила еза. Тешар хиларна, Хьабула Кхаима чул тоьлла сагІа даьккхира Далла. Цуьнан тешар бахьана долуш Дала, Хьабула деана совгІаташ схьа а эцна, иза Шен лаамехь хиларан тоьшалла дира. Хьабул кхелхинехь а, шен тешар хиларна, къамел деш ву иза хІинца а.
Выбор основного перевода