Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Кхерамо Іадор бу уьш! Хьан сийлахь куьг а гина, тІулгаш санна, дІатуьйр бу уьш, Хьан халкъ, Веза Эла, тІехдаллалц, мехах паргІатдаьккхина халкъ тІехдаллалц. Сайх болу кхерам хьол хьалха дІабохуьйтур бу Ас, ткъа муьлхха а хьо тІедахана халкъ дохийна хьовзор ду. Хьан мостагІий, дІа а берзийтина, хьуна хьалхара бовдуьйтур бу Ас. Цхьа а латталур вац шуна дуьхьал: шун Везачу Дала, Ша чІагІо ма-ярра, аша ког мел баьккхина долчу муьлххачу а лаьттана кхерам тосур бу, уьш, кхоьруш, бегор бу. Цо элира цу шинга: «Суна хаьа Везачу Эло хІара мохк шуна дІабеллийла. Тхуна тІе кхерам боьссина, тхан дегнаш, шух кхоьруш, дегош ду.
Выбор основного перевода