Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Эххар а иза кхелхира. Дуьнен чохь дуккха а хан яьккхина, дика а ваьхна, кхелхинчул тІаьхьа шен дайх дІакхийтира иза. КІенташа Исхьакха а, ИсмаьІала а Мамари олучу меттигна уллохь, Махпела цІе йолчу хьеха чохь, ЦІохьаран кІентан, хьетахо волчу Іепронан, лаьтта тІехь дІавоьллира иза. Хьо а, кхелхина, хьайн дайшна тІе дІагІур ву са паргІатдаьлла, кІорггера хенара а волуш дІа а вуллур ву. Цигахь дІабоьхкина бу ИбрахІим а, цуьнан зуда Сарат а, Исхьакх а, цуьнан зуда Ребикха а, цигахь дІайоьллина ас Леа а.
Выбор основного перевода