Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Со хьоьца ву, Ас Іалашвийр ву хьо, миччанхьа вахача а. ХІокху лаьтта тІе хьо юха схьа а валийна, Айса хьоьга аьлларг кхочушдаллалц, Ас хьо дІатесна вуьтур вац». Цо дуй биира: «Нагахь Дела соьца хир велахь, со дІа а, схьа а вогІучу новкъахь Іалаш а веш, нагахь Цо суна даар а, духар а лахь, нагахь со могуш-маьрша сайн ден цІа юха а верзахь, Веза Эла сан Дела хир ву. Ас кхузахь хІара тІулг хІоттийна, цо хІара меттиг, кхузахь Дела волуш, сийлахь юйла хоуьйтур ду. Ахь сайна деллачух уьтталгІа дакъа Цунна юха а лур ду ас». Везачу Эло элира Якъубе: «Хьайн дайн лаьтта тІе, хьайн гергарнаш болчу юхаверза. Со хьоьца хир ву». Нагахь санна соьца Исхьакх шех кхоьруш волу, сан деден ИбрахІиман Дела а ца хиллехь, ахь со хІумма а ца луш дІавохуьйтур вара. Амма Далла гина сан халонаш а, ас хьегна къа а, сийсара буса Цо бехказваьккхина со». Воьхна а, кхеравелла а хьаьвзинчу Якъуба шеца болу нах а, даьхни а шина тобане дийкъира. Якъуб ша висинчу хенахь сахиллалц цхьаъ лийтира цунах.
Выбор основного перевода