Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Лабан уьстагІий ларга вахача, Рахьала цуьнан цІахь болу цІуш лачкъийра. Хьо хьайн ден цІа кхача сихвелла дела дІавахана хуьлуьйтур вай, амма сан цІуш хІунда лачкъийна ахь?» Рахьал, цІуш эмкалан нуьйра кІел дІа а лачкъийна, царна тІе хиънера. Четар кІелахь леррина лехча, хІумма а ца карийра Лабанна. ПирІуно элира: «Шун бераш шуьца дІадахийта со резавелахь, Волуш Волу Дела билггала шуьца хир ву! Гой шуна, вон хІума ду шуна дагахь. Лома тІера чу а воьссина, нах базбира Мусас. Цара шайн хІуманаш йиттира. Нагахь санна Везачу Элана Іамал ян шайна ца лаахь, тахана аш къасто деза, шаьш хьанна гІуллакх дийр ду: Эпрат-хил дехьахь Іаш болчу хенахь шайн дайша Іамал йинчу деланашна я шаьш церан лаьтта тІехь Іаш долчу эмархойн деланашна. Ткъа аса а, сан цІийно а Везачу Элана Іамал йийр ю». «Делахь, шайн хІинца болу хийра деланаш дІа а тасий, шайн дегнаш Везачу Элана, исраилхойн Далла, тІедерзаде», – элира ЮшаІа. Шамъала дерриге а Исраилан халкъе элира: «Шу доггах Везачу Элана тІедерзахь, аша кхечу къаьмнийн деланаш шайн дага чуьра дІабаха беза. Аша Іаштарт цІе йолчу далла бина болу цІуш дІабаха беза. Шайн дегнашца шу Везачу Элана тІедерза, Цунна цхьанна гІуллакх а де. ТІаккха Цо шу пІелаштамхойн баланех кІелхьардохур ду».
Выбор основного перевода