Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Со Падан-Арамера схьавогІуш, КанаІан-махкахь Эпрати цІе йолчу гІалина тІекхачале, новкъахь, хьан нана Рахьал елира. Цигахь Эпрате (Байтлахаме) боьдучу новкъа йистехь дІайоьллира ас иза». Оцу стеган цІе Элималик яра, цуьнан зудчун цІе НуІмат яра, ткъа шина кІентан цІераш Махьлан а, Халин а яра. Уьш ЯхІуд-махкара Байтлахам-гІалара эпратхой бара. Муаби-аренашка а баьхкина, цигахь баха хевшира уьш. ТІаккха цигахь мел долчу адамо а, къаноша а элира: «Тхо теш ду-кх. Везачу Эло декъала йойла Рахьал а, Леа а санна, хьан керта йогІуш йолу и зуда. Цара шиммо а дебийтира Исраилан халкъ. Беркат догІийла хьан цІенна тІе Эпратехь. ЦІе йоккхуш стаг хуьлийла хьо Байтлахамехь. «Хьо а, Эпратера йолу Байтлахам-гІала, ЯхІудан махкарчу гІаланашна юкъахь уггаре а кІезигниг елахь а, хьох вер ву Суна Исраилан къомана куьйгалхо хин волу цхьаъ. Цуьнан схьавалар ду дуьне доладелчхьана, азалера». „Хьо а, ЯхІуд-махкара Байтлахам-гІала, ЯхІудан махкарчу сийлахьчу гІаланаш юкъахь лахара яц. Хьан махкара вер ву, Сан Исраилан къоман куьйгалхо хилла дІахІуттун верг!“»
Выбор основного перевода