Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Стигалахь, цу лами тІехула лаьттачу Везачу Эло цуьнга элира: «Со Веза Эла ву, хьан деден ИбрахІиман а, ден Исхьакхан а Дела. ХІинца хьо тІехь Іуьллу латта хьуна а, хьан тІаьхьенна а лур ду Ас. Со хьоьца ву, Ас Іалашвийр ву хьо, миччанхьа вахача а. ХІокху лаьтта тІе хьо юха схьа а валийна, Айса хьоьга аьлларг кхочушдаллалц, Ас хьо дІатесна вуьтур вац». Везачу Эло элира Якъубе: «Хьайн дайн лаьтта тІе, хьайн гергарнаш болчу юхаверза. Со хьоьца хир ву». Со Беталахь хьуна дуьхьал хІоьттина волу Дела ву, ахьа тІулга тІе даьтта а доьттина, Суна чІагІо йинчу меттигехь. ХІара латта Іадда а дитий, хьо винчу махка сиха дІагІо“». Нагахь санна соьца Исхьакх шех кхоьруш волу, сан деден ИбрахІиман Дела а ца хиллехь, ахь со хІумма а ца луш дІавохуьйтур вара. Амма Далла гина сан халонаш а, ас хьегна къа а, сийсара буса Цо бехказваьккхина со».
Выбор основного перевода