Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Іесава элира Якъубе: «Со мацалла гІелвелла ву, и цІен кхоьш лохьа суна». (Цундела аьлла Іесавах «Эдом», ткъа иза «цІениг» бохург ду.) Хьо хьалха дІагІо, со хьуна тІаьххье дІавогІур ву, сих а ца луш, даьхни а, бераш а схьадахкадаларе хьаьжжина. ТІаккха сан эла волчу, СеІир-махка, кхочур ву со». Иштта, дІавахна, СеІир-махкахь ваха хиира Іесав (я Эдом). СеІир-лаьмнашкахь Іийначу эдомхойн ден Іесаван тІаьхье хІара ю. СеІир-лаьмнаш тІехь бехачу шайн гергарчу къомах болчу Іесавах схьабевллачийн лаьттахула чекхдовла дохкуш ду шу. Уьш шух кхералур бу, делахь а шу ларлуш хилалаш. Аша цаьрца тІом ма болабелаш, хІунда аьлча Ас церан латтанех ког тІебиллал а латта лур дац шуна. СеІир-лаьмнаш – иза Эдом-мохк бу – Ас Іесаван тІаьхьенна дІабеллера иза, цуьнан долахь хилийтархьама.
Выбор основного перевода