Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дала элира цуьнга: «Хьан цІе Якъуб ю, амма хІинца дуьйна хьох кхин Якъуб эр дац: хьан цІе Исраил хир ю». Иштта Дала цуьнан цІе Исраил тиллира. Цо шийтта тІулг схьаийцира. Уьш дара Везачу Эло шега: «Исраил хир ю хьан цІе» – аьлла волчу Якъубан шийтта кІантах девллачу тайпанийн барамехь. Ненан кийрахь а волуш, шен вешин кІажа лецира Якъуба. Ткъа стаг а хилла ша дІахІоьттича, Делах летира иза. Маликах а летта, кІел ца висира Якъуб. Воьлхуш, шех къинхетам бар дийхира цо. Беталахь иза карийра Далла, цигахь цуьнга къамел дира Цо.
Выбор основного перевода