Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІажара шеца къамел динчу Везачу Элан керла цІе яьккхира, цо элира: «Со гуш волу Дела ву Хьо». Цо иза элира, хІунда аьлча ша ойла йина дела: «Баккъалла а гиний теша суна со гуш Верг?» Царна исраилхойн Дела гира. Цуьнан когаш кІелахь дезачу тІулгийн экъа яра, стигал санна, цІена а йолуш. Цо исраилхошна юкъара хаьржинчу нахана зен ца дира. Нахана Дела а гира, цара хІума а йиира, мала а мелира цигахь. Юха элира Цо: «Сан юьхь хьуна ган мегар дац, иза гина стаг дийна вуьсур вац». Аса цуьнца, юьхь-дуьхьал а волуш, ма-дарра къамел до, хІетал-металш а ца далош. Цунна Везачу Элан васт а го. Шу муха даьхьнера Сан лай волчу Мусана тІехтохам бан?» Иза Везачу Элан малик дуйла шена хиъча, ГадІана, кхеравелла, элира: «Ва Сан Хьалдолу Эла! Суна юьхь-дуьхьал гинарг Хьан Малик ма дара!» Манахьа шен зудчуьнга элира: «Вайна Дела гира! Цундела вайшиъ лийр ду!» Ас элира: «Къа ду сан! ХІаллакьхили со! Сан бага цІена яц, цІена баганаш йоцучу халкъана юкъахь Іаш а ву со, ткъа сан бІаьргашна гина Паччахь, массо а ницкъийн Веза Эла».
Выбор основного перевода