Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ЧІогІа хьалдолуш хилира Якъуб, цуьнан даккхий жаш а, дуккха а гІарбашаш а, ялхой а, эмкалш а, варраш а яра. Іесава хаьттира Якъубе: «И дерриг а даьхни суна дуьхьал хІунда даийтира ахь?» «Хьо резаван лаьара суна, сан эла», – аьлла, жоп делира Якъуба. Іесава элира: «Пурба ло суна хьайца масех сайн стаг вита». «Иза оьшуш дац, – элира Якъуба. – Хьо соьца дика хилар гичхьана тоьур ду суна».
Выбор основного перевода