Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьо сан йиша ю ала цаьрга, тІаккха цара со вуьйр вац. Со хьан ваша ву моьттуш, уьш соьца дика хир бу, ткъа ахь сан са кІелхьардоккхур ду». Цигарчу нахе Сарат шен йиша ю элира цо. ГІарар-гІаларчу паччахьо Абу-Малика иза шена хезча, ялхой бахийтира Сарат шена схьаяло. Иза билггала сан йиша ю, тхан дена кхечу нанас йина йолу, амма ас ялийна сан зуда а ю. Ден цІера дІавигна, дуьнен чухула лела Дала со дІахьажийча, ас элира Сарате: „Цхьа диканиг дехьа сан дуьхьа: вай миччанхьа кхаьчча а, хьо сан йиша ю алахь“». Иза, чІогІа хаза а йолуш, боьрша стаг шех кхетаза йоІстаг яра. Шовда долчу чу а йоьссина, шен кхаба хьала а юьзна, юхаеара иза. Адамех кхерар – стагана хІоттийна гур бу, ткъа Везачу Элана тІетевжаш верг кІелхьарвоккхур ву.
Выбор основного перевода